Перейти к содержимому

Текст песни Ринат Каримов — Мелхазни

Исполнитель: Ринат Каримов Обновлено:

Жималлехь вайх дуьйлу дуккха г1алаташ
хьехамашна къорах дуьйлу даимнаа
марх елла дехьа лоьху ирс хазалла ван
ца гуш уьллехь б1аьргаш доьх1ал гуш дерриг

Маьлх-аьзни хьо езнарг ю
Маьлх-аьзни хьо летнарг ю
суна т1ехьа хьежнарг доьлхуш ц1ена дог

иштта лелаш даьлла ц1ийна хьацара
боккха безам лоьхуш тийсира ас го
сай г1алатехь т1еххьара а кхетта со
сай ц1а вирзи эрна лоьхуш лелла хьо

Маьлх-аьзни хьо езнарг ю
Маьлх-аьзни хьо летнарг ю
суна т1ехьа хьежнарг доьлхуш ц1ена дог

ткъа ас лехнарг лулахь ехаш хиллера
хьаьрса месаш йолу дийна хаза йо1
Маьлх-аьзни хьо лаха ц1ера ваьллера
сайна т1ехьа доьлхуш ц1ена жима дог

Маьлх-аьзни хьо езнарг ю
Маьлх-аьзни хьо летнарг ю
суна т1ехьа хьежнарг доьлхуш ц1ена дог

Текст добавил: Андрей Курышев

Другие песни исполнителя Ринат Каримов

Все песни Ринат Каримов →